воскресенье, 1 ноября 2015 г.

Саллу 1алай вассалим, 1алайка йа Мухьаммад!


1. Саллу 1алай Вассаллим, 1алайка йа Мухьаммад,

 Вай  элчанан возалла мел дийцарх кхачалац.

2. Дуьне - 1алам кхоллале, синош кхоьллира вайн Дала. 

Цу синошлахь даздина хьан са кхоьллира вайн Дала.

3. Адам-пайхамаран зуьретах хьан са дог1уш ма дара. 

Пайхамаран сил т1аьхьа и дуьненчу ма даьккхира.

4. Цу сийдолчу дайшкара хьан хьан са дог1уш ма дара. 

Т1аьхьара зама т1екхаьччи 1абдуллах1и ма хили,

5. 1абдуллах1 ша ма хили ирс долучу к1ентан да. 

Цуьнан ц1ийна ва нана Вах1абан йо1 Аминат.

6. Тайпа Къурайши долуш, Маккахь вина ва волуш, 

Шапа1атан да вара ва Мохьаммад пайхамар.

7. Азаллехь ша яздинчу шен йозан т1е яздина. 

Ва Мохьаммад пайхамар сийлахь Элчи ву аьлла.

8. Дуьне - 1алам ва кхобуш, даим дийна ва волуш. 

Шен ц1арах ц1е хоьттина, хьо дуьненчу ма ваьккхира.

9. Раби1ул-оввал беттан шийтталг1ачу ва буса. 

Элчи дуьненчу велира, дуьне - 1алам нур хилла.

10. Доккха ирс хили хьан, Элчанан да, 1абдуллах1,

Хьан санна к1ант ва волуш цхьа а да ма вацара.

11. Доккха ирс хили хьан, Вах1абан йо1 Аминат, 

Хьан санна к1ант ва волуш цхьа а нана яцара.

12. Вина нана Аминат, кхаьбна нана Хьалимат. 

Декъал хилла ши нана Элчи варца-кхиорца.

13. Элчи дуьненчу ваьлла и оршота ва буьйса. 

Везчу Дала язйира керистана бала луш.

14. Элчи винчу ва буьйса ша къастина ма дара. 

Малх кхетале ва хьалха дуьненчохь нур ма дара.

15. Элчи винчу ва буса и къурайшийн хьайбанаш.

 Кхаьънаш дохуш ма дара тховса элча вина бохуш.

16. Элчи винчу ва буьйса и бух1айрат боху х1орд. 

1аламат ша ва хилла ловзуш, лесташ ма бара.

17. Элчи дуьненчу валлалц, стигла дуьйлу шайт1анаш. 

Ва маликийн хабаре шаьш ладег1а г1ертара.

18. Элчи Дала вазварна, и дуьненчу ва ваьлчи. 

Седарчий а ва детташ, духа чехош ма дара.

19. Элчи дуьненчу валлалц, севцца лаьтташ долу хиш. 

Элчи дуьненчу ваьлчи дуьйладелла ма дара.

20. Элчи винчу ва буса шайн хиш лекъна , ц1ерш яйна. 

Сахиллалц ша ма дилхир, и кериста ва адам.

21. Элчи бералахь ва дуьйна Далла везна ма вара. 

Джабраила Малике Дала къамел дойтура.

22. Элчи жима ва волуш, цатам хилла вилхича, 

Делера хаам ма хилира, велха мегир дац, аьлла.

23. Хьан б1аргех хин цхьа т1адам лаьтта охьа ва боьжча, 

Г1а-буц Дала амал дац, дуьне дакъалур ма ду.

24. Делера омра кхочуш деш и воьлхучур ма сецира. 

Цо шен дагахь бохура "ла ил-лах1а ил-лал-лах1".

25. Вайн элчана 1аламаташ тамашийна ма дара.

 Ша винчу ва дийнахь Дела хьехош ма вара.

26. Элчи винчу ва буса бага хьиэеш ма вара, 

Улло вахна ладоьг1ча -- Делан ц1ераш йохура.

27. Ладог1ийша, вежарий, вайн элчанан возалла, 

Доккха ни1мат ду шуна Дала вайна деллариг.

28. Вай элчанца шапа1ат ваьшна дезаш вай делахь, 

Дилла вай цунна Делан деза салават.

29. Мовлая солли ва саллим даиман абада. 

1ала-а хьаби-ибик хойрил халкъи куллих1ими.

30. Элчи жима ва волуш, цуьнан да-нана кхелхина. 

Элчи кхаба ца оьцура, г1ийла бо ду ва бохуш.

31. Хьалимат ша ма яхар, шена кхаба бер лаха.

 Элчи кхаба ца ийцира, и г1ийла бо ду ва аьлла.

32. Цо ц1ахь дега хаьттира 1абдуллах1и цхьа бо ду. 

Иза кхаба эцарах вайна пайда хирий те ?

33. Ц1ахь цунна жоп деллера ва шовди хьо Хьалимат . 

Иза наха ва вехьнехь, вайн дан амал дацара.

34. Хьалимат ша ма яхар, юха элчи ва волчу. 

Х1ара жовх1ар ду бохуш, элча кхаба ма валийр.


35. Мискалла г1аддайначу Хьалимата и вакхийра,

 И вакхийчхьана иза хьал долуш ма хилира.

36. Элчи бераллахь дуьйна нийсо лелош ма вара.

 Нийса доцу г1иллакхаш цхьа а цуьнца дацара.

37. Элчанца шен ва кхобуш Хьалиматан к1ант вара. 

Цунна бог1у ва накха Элчи бууш вацара.

38. Цунах хуур ма дара Ахьмад Дала ма вазвар.

 Цунах билгал долура Сийлахь Элчи хьо хилар.

39. Ладог1ийша, вежарий, вайн элчанан возалла, 

Доккха ни1мат ду шуна Дала вайна деллариг.

40. Вай элчанца шапа1ат ваьшна дезаш вай делахь,

 Дилла вай цунна Делан деза салават.

 Мовлая солли ва саллим даиман абада, 

1ала-а хьаби-ибик хойрил халкъи куллих1ими.

41. Элчи жима ва волуш, Хьалимата и кхобуш.

 Малик охьа доьссина кийрара дог даьккхийра.

42. И ц1андина , тадина цу т1е мух1ар та1ийна.

 Элчи билгал ва вокхуш юха кийра диллира.

43. Цунах кхера еллачу Хьалимата ойла йир., 

К1ант волчунна д1авала цо шен дагахь ма сацийра.

44. Хьалимат ша ма яхар шеца Элчи ва волуш, 

Элчана нах ва болчу шайн к1ант д1аэца, аьлла.

45. Маккийн элий ма бара жа1арша шаьш г1уллакх деш, 

Элчи везаш бацара жа1арш сийсазйо, бохуш.

46. Элчи Дала вазварна, жа1арш йолчу и вахчи. 

Жа1арш юхуш ма яра, лаьтта охьа етталуш.

47. Абужех1ил ма вара ша, Элчанца ва къуьйсуш, 

Ша эшна к1ел ма висир, Далла тола ца лиъна.

48. Цо орца ма элира ва Хьабибе паччахье.

 Геланча вахийтира шен кехат ва эцна.

49. Веана ма кхечира ва Хьабиб ва паччахь.

 Шийтта эзар ва бере шеца цхьана ва волуш.

50. Кхайкхина т1е ма валийра сий долу Мохьаммад. 

Схьагайтахьа, Мохьаммад, хьайгарх билгало.

51. Х1ун билгало еза хьуна ва Хьабиб ва паччахь.

 Билгало ю хьунаахь шена ц1е тоьхнариг.

52. Шена дера лаьара и малх д1а а бузийта. 

Цуьнан метта бутт кхетна, и лаьтта боссийта.

53. Хьо бакъ веш бист хилла шах1адат далийна.

 Хьан коьрта т1ехь ва сецна и юху берзийта.

54. Т1аккха Элчи ма велир Абу-Къуббайс цу лам т1е, 

Ширка1атан ламаз дан ша нийсса х1оьттина.

55. Г1елвелла до1а дира, сийдолчу Элчано. 

Т1аккха Дала жоп делира, сийдолчу Элчанна.

56. И малх д1а буьзира, цуьнан метта бутт кхийтира, 

И лаьтта т1е боьссира, Элчанна т1ехь сецира.

57. Цо щах1адат ма далийр, Элчи бакъ ву ва аьлла. 

Т1аккха Хьабиб-паччахьо цуьнца иман диллира.

58. Абужех1ил г1ел велира шех паччахь д1акъаьстина, 

Элчи бакъ ван ца лууш юккъе дешнаш туьйсура.

59. Цхьа эмкалаш ма ялийр, ва Хьабиб-паччахьо:

 Шуьшинах бакъволчуьнга эмкал дуьхьал йистхир ю.

60. Абужех1ил хьаьвзира шен жа1аршца ва улло, Эмкил йист д1а ца хилира Абужех1ил бакъ ца веш

.

61. Вайн пайхамар вистхилчи эмкал дуьхал йист хилира, 

Цо шах1адат ма далийра, элчи бакъ ву ва аьлла.

62. Ша даьккхинчу орцанна шена дуьхал б1о хилла, 

Абужех1ил к1елвисира шен некъ нийса ца хилла.

63. Хьабиб-паччахьа ма элира, шен дагара ахь дийцахь, 

Ша къера ма ву хьуна хьо Элчи хиларна.

64. Вайн элчано ма элира хьан ц1ахь цхьа йо1 ма яра... 

Ца11а меже ва йоцуш, цуьнан г1айг1а ю хуьна.

65. Дела вайца ву хуьна, Вайн до1ина жоп лур долуш, 

Хьо юха ц1а верзале массо меже хир ма ю.

66. Паччахь ц1ент1е верзале кхаьънаш дохуш ма дара: 

Пачахьан йо1 таелла, массо меже ю, бохуш.

67. Йо1а деги бохура вайга цхьа стаг веара., 

Цо шена т1е куьг хьакхча, массо меже хилира шен.

68. Ладог1ийша, вежарий, вайн элчанан возалла, 

Доккха ни1мат ду шуна Дала вайна деллариг.

69. Вай элчанца шапа1ат ваьшна дезаш вай делахь, 

Дилла вай деза цунна Делан деза салават.

70. Мовлая солли ва саллим даиман абада, 

1ала-а хьаби-ибик хойрил халкъи куллих1ими.

71. Элчи хьо мел вези ву, хьо Дала мел вазвина, 

Хьан сийдарца г1овтту тхо, хьоь маршалла ва хоттуш.

(Хьалаг1овттарца х1ара дешнаш кхузза олу: Мархьаба, я мархьаба, Жаздал Хьусейн мархьаба).

72. Ахь Делаца къамел деш, Далла дуьхьал вист хуьлуш, 

Деле уммат дийхир ахь, хьо г1елвелла вилхина.

73. Дала хьуна жоп делира: хьан уммат хьан ду,

 аьлла, Хьайн умматан дола дан хьо пайхамар ву аьлла.

74. Хьо вехнариг Дела ву, Дела везнарг хьо ма ву, 

Хьо т1ехдукха везначунна хьан шапа1ат хир ма ду.

75. Дин кхайкхаде ва аьлла, Делера хаам ва хилчи, 

Элчи г1ийла ма вара шена накъост ва воцуш.

76. Цуьнан деваша ма вара шен ц1е Хьамзат ва йолуш, 

Хьалххе иман диллина Элчи къобал веш вара.

77. 1умар, 1ели ма вара, 1усман, Халид ма вара, Ибну Мас1уд ва волуш т1ам т1ехь каде ма бара.

78. Халид-асхьаб ма вара Макки чохь тур хьокхуш,

Ша иман чохь ма вара, Делан ц1ераш яхарца.

79. Маккий элий ма бара вайн Элчанца машар буьйцуш, 

Вайн паймахар ма вара т1ом сацабе ва бохуш.

80. Цо геланча вахийтира, тур сацаде ва аьлла, 

Вахийтинчу геланчо тур хьакха боху, аьллера.

81. Маккичохь т1ом чехкабелира, Элчан омра кхочуш цадеш, 

Элчи тамаш беш вара ша аьллариг ца дарна.

82. Халид-асхьаб т1екхайкхир цуьнга хаттар дира цо, 

Ша аьллариг ца ди ахь, бехке ву хьо, аьллера.

83. Халида ша ма элира: ша бехке вац, пайхамар, 

Схьавеанчу геланчас, тур хьакха боху элира.

84. Геланче ша т1екхайкхира, ахь нийса д1а ца аьлла, 

Ша хьога ма элира тур сацаде, ва аьлла.

85. Геланчо ма элира, бакъ ма ду, пайхамар, 

Ахь аьллариг д1аала ше мотт лелаш бацара.

86. Дела вицлуш вацара хьалха йинчу ч1аг1онна, 

И ладог1уш ма вара цара дечу къамеле.


87. Д1аяханчу заман чохь пайхамар т1амт1ехь волуш, 

Пайхамаран церг яьккхира керистанан куьйгашца.

88. Вай элчано ша ч1аг1о йира: 

Делан ц1арца дуй бууш -- Макка йоккхур ю, аьлла.

89. Цуьнан ч1аг1о ца йохо д1аваханчу геланчас,

 Делан лаам ва хилла тур хьакха боху олура.

90. Церан къовсам ва хилча Делера схьа ма хезира, 

Бехкевериг аш лехахь, ша ву шуна ва аьлла.

91. Ладог1ийша, вежарий, вайн элчанан возалла, 

Доккха ни1мат ду шуна Дала вайна деллариг.

92. Вай элчанца шапа1ат ваьшна дезаш вай делахь, Дилла вай цунна Делан деза салават.

93. Мовлая солли ва саллим даиман абада, 1ала-а хьаби-ибик хойрил халкъи куллих1ими

94. Дуьнен чохь дин дацара, Макки чохь дин дацара. Вайн пайхамар ва валлалц, иман-ислам дацара.

95. Дуьненчохь дин даьржира,макки чохь дин даьржира, Вайн пайхамар ва веъчи, иман-ислам даьржира.

96. Хьан беркато дуьзи-кха х1ара маьлхи ва дуьне, Хьо дуьнен чохь вуьйцура сийлахь Элчи ву бохуш.

97. Дууш-молуш ва доцуш, Далла муьт1ахь ва долчу, 

Маликел а вазви хьо, ва Мохьаммад пайхамар.

98. Хьан Сийлахь ц1е ма к1ечи ва стигланан 1аьрчашка, 

Маликаш а вуьйцу хьо, Сийлахь Элчи ву, бохуш.

99. Буьйса 1аьржа ва еъча, буса ара хьо ваьлча, 

Буьйса серла йоккхура хьан хазачу ва нуьро.

100. Тхо ирс долуш ма хилла хьан умматах кхолларна, 

Къемат дийнахь дола дан хьо, пайхамар, хиларна.

101. Вай элчанца шапа1ат ваьшна дезаш вай делахь, 

Дилла вай цунна Делан деза салават.

102. Мовлая солли ва саллим даиман абада, 

1ала-а хьаби-ибик хойрил халкъи куллих1ими.

103. Васоллия роббана роббассама-а-ва-ати,

 1ала Мохьаммадина хойрил барий-яти.






6 комментариев: